Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1980

XXII аьхкенан Олимпийн ловзарш
Эмблема
Шахьар-дӀахьуриг Байракх ССРС Москох, ССРС
Мехкаш-декъашхой 80[1]
Къовсу мидалш 203 комплект 21 спортан тайпанехь
ДӀайелларан церемони 1980 шеран 19 июлехь
ДӀакъовларан церемони 1980 шеран 3 августехь
Олимпийн цӀе Белов Сергей
Стадион Йуккъера В. И. Ленинан цӀарах стадион
← 1976
1984 →
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Олимпийские кольца
1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарш
  • Харжам[en]
  • Объекташ
  • ХӀайкал
  • Олимпийн цӀеран эстафета
  • ДӀаделлар (Байракххо)
  • Рузма
  • Бойкот
  • ЖамӀаш (Мидалхой)
  • ДӀакъовлар

1980 шеран XXII Аьхкенан Олимпийн ловзарш (официалан цӀе — XXII Олимпиа́дин ловзарш) дӀадаьхьира Москохахь, ССРС коьрта шахьрахь, 1980 шеран 19 июлера[2] 3 август кхаччалц[3]. Уьш исторехь дуьххьарлера Олимпийн ловзарш дара Малхбален Европехь, кхин а социалистийн махкахь дӀадаьхьна дуьххьарлера Олимпийн ловзарш.

Олимпиадин-1980 къийсамийн цхьа дакъа дӀадаьхьира Советийн Союзан кхечу шахьаршкахь, масала: гатанан регата хилира Таллинехь (ЭССР); хьалхара ловзарш а, футболан турниран чийрифиналаш хилира Киевхь (УССР), Ленинградехь (РСФСР), Минскехь (БССР); дӀандаргийн герз тохаран къийсамаш хилира герз тохар къовсаран меттигехь «Динамохь» Москохан бухарчу Мытищехь (РСФСР).

Ловзарш гӀарадевлла кхин а, 60 сов мехко Олимпиадин байкот йарна 1979 шарахь советийн эскар ОвхӀанан тӀелата бахьнехь[4][5][6]. Ловзаршна бойкот йинчу мехкашкара цхьаболу спортхой Москоха баьхкира, дакъа а лецира Олимпийн байракх кӀелахь[7]. Цул хьалхара бойкот йира 29 африкин мехко Монреалан Олимпиадин-76в, цул тӀаьхьара бойкот йира Советийн Союзо а, кхин 13 мехко а 1984 шеран Лос-Анджелесера аьхкенан Олимпийн ловзарш[8].

Олимпиадин коьрта шахьар харжар

Дуьххьара Москохахь Олимпийн ловзарш даран ойла хӀоьттинера ССРС Спорткомитетан председателан Павлов Сергейн 1969 шеран апрелехь. Амма 1970 шеран 12 майхь 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн коьрта шахьран харжамашкахь, Амстердамехь, туьйлира канадин Монреаль.

Кхин а масех шо даьлча Павловс тешийра мехкан куьйгалла Москохан кандидатура кхин цкъа а хӀотто йезарх. 1980 шеран Олимпийн ловзарийн коьрта шахьар харжаран сацам Дуьненайукъара олимпийн комитето тӀеийцира 1974 шеран 23 октябрера 75-гӀа сессехь Венехь.

Павлов Сергейн дуьненайукъара спортан аренера лерам, советийн мехках а, цуьнан спортхойх а хаа лааран хьашт алсамдалар, кхин а ДОК декъашхошца йолу доттагӀаллин йукъаметтигаш бахьнехь, башха йукъаметтигаш барон Эдуард фон Фальц-Фейнца (Лихтенштейн) а, Вилли Даумеца (ФРГ), толам бисира Москохехь. Кхажтасаран тӀаьхьарчу муьрехь ДОК декъашхойн харжам бан бийзира Лос-Анджелесна а, Москохна а йукъахь, жамӀехь 39 кхаж 20 дуьхьала Москох туьйлира. Дуьххьара аьхкенан Олимпийн ловзарш хила дезара социалистийн махкахь.

1975 шеран мартехь кхоьллира Кхолкомитет «Олимпиада-80» куьйгаллехь Новиков Игнатий а волуш, цунна ССРС Олимпийн комитето дӀайелира Олимпийн ловзарш кечам баран а, дӀадахьаран а бакъонаш а, функцеш а. Олимпиадин штаб охьахиира Москохан йуккъехь — Горькийн урамера, № 22а цӀенна чохь. ДОК 79-гӀа сессис (1977 шеран июнехь, Прагехь) Москохара Олимпиадин XXII ловзарийн къийсамийн программа-раж чӀагӀйира.

Кхажтасаран жамӀаш
Кандидаташ Мохк 1-ра раунд
Москох  ССРС 39
Лос-Анджелес  АЦШ 20

Олимпийн цӀеран эстафета

Коьрта йаззам: 1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн олимпийн цӀеран эстафета
Москохан Олимпиадин Олимпийн цӀеран эстафетин хаьштиг

Муьлхха олимпиадин сийлалла йу олимпийн цӀе. Ловзарш доладала бутт бисчи дӀайоьллу Европехь уггаре йоккха хьешан цӀийнан комплекс Измайлово — 4 отель а, йезаатлетийн манеж а. 1980 шеран 19 июнехь, Ловзарш доладала бутт бисчи, ламастехь олимпийн цӀе латийра желтойн Олимпехь. Эстафетин йукъара йохалла хилира 5000 км[9]. Желтойчоьнан латан тӀехулара эстафетин муьран йохалла — 1170 км (чекхйалара Олимпехула, Патрашхула, Коринфехула, Афинехула, Фивашкахула, Ларисехула, Верехула, Салоникашкахула, Серехула). Болгарин махкахула цӀеро некъ бира 935 км (Благоевградехула, Софияхула, Пловдивехула, Шипкехуа, Велико-Тырновохула, Плевенехула, Русехула). Румынин муьран йохалла — 593 км (Джурджухула, Бухарестехула, Плоештехула, Бузэухула, Бакэухула, Романехула, Яссехула)[9].

ССРС махкахула цӀеро некъ бира 2302 км[9]. 1980 шеран 5 июлехь цӀе Советийн Союзан дозанал сехьайелира Молдавин ССР Леушены поселкан кӀоштахь, цигаш чекхйаьлла иза хилира оцу республикин Кишинёвхь а, Бельцы а шахьаршкахь. Украинийн ССРехула маршрут йиллинера Черновцехула, Хмельницкехула, Винницехула, Житомирехула, Киевехула, Лубнехула, Полтавехула, Чутовохула, Харьковехула. РСФСРехулара эстафетин некъ боьдура Белгородехула, Курскехула, Кромехула, Орёлехула, Тулехула, Серпуховехула, Подольскехула[9]. Подольск тӀаьххьара гӀала хилира хаьштиглелочеран новкъахь — 17 июлехь шахьрин урамашкахула ведира 500 стаг гергга, Ловзарийн хаьштиг зӀенца хӀора 2,5 км дӀа луш.

ПӀераска, 18 июль. ЦӀеран эстафетин чаккхенан мур. Москохахь, эстафетин некъ хилира 54 км гергга, хаьштиган дуьхьала баьхкира Минскан а, Можайскано шоссеш цхьаьнакхетачохь, цул тӀаьхьа цӀе йаьхьира Триумфан нартол чухула Кутузовн проспект тӀехула, Октябран 50 шо кхачаран майдане, цигахь хилира ДОК, спортан федерацийн, Москохан администрацин векалша дакъа лоцуш даздаран церемони. Ловзарш дӀаделла йисинчу буса цӀеро йаьккхира Горькийн урамера Москхеташонан гӀишлон чохь. Шот — 19 июлехь москохахошна а, коьрта шахьран хьешашна а довха деира — 22 градус йовхо, йекхна. ДӀайелларан официалан церемони йолайелира 16:00. ДӀайоьллучу дийнахь цӀе йаьхьира Марксан проспектехула, Волхонкехула, Метростройн урамехула, Комсомолан проспектехула, цул тӀаьхьа хаьштиглелориш 18:45 гӀоьртира Лужникашка. Лужникашкара йоккха аренера Олимпийн кад хаьштиган алунах латийра ССРС баскетболан чемпиона Белов Сергейс. Ловзарийн старт йелира нисса 19:00.

Олимпийн цӀеран маршрут

Олимпийн цӀеран эстафетин маршрут поштан блокехь Кеп:CPA (Mi #5008) (ССРС, 1980 шо)
  1. 21 июнехь — Желтойчоьнан байракх Афина (Желтойчоь)
  2. 26 июнехь — Болгарин байракх (1971—1990) Софи (Болгари)
  3. 1 июлехь — Румынин байракх (1965—1989) Бухарест (Румыни)
  4. 5 июлехь — Молдавийн ССР Леушены (Молдавийн ССР), цӀе дехьайаьлла ССРС дозанал
  5. 6 июлехь — Молдавийн ССР Кишинёв (Молдавийн ССР)
  6. 11 июлехь — УССР байракх Киев (Украинийн ССР)
  7. 13 июлехь — УССР байракх Харьков (Украинийн ССР)[10]
  8. 16 июлехь — РСФСР байракхь Тула (РСФСР)
  9. 17 июлехь — РСФСР байракхь Подольск (РСФСР)
  10. 18 июлехь — РСФСР байракхь Москох (РСФСР)

Къийсамаш кечбар

1975—1980 шерашкахь Олимпийн ловзаршна кечаман а, дӀадахьаран а гуран чохь Москох (кхин а Ленинград, Киев, Минск, Таллин) кхиоран инарлин планаца, йира, тойира 20 спортан а, кхин а гӀишло Олимпиада дӀайахьа. Царна йукъахь къасто мегар ду Машаран проспект тӀера спортан «Олимпийн» комплекс, В. И. Ленинан цӀарах Центран стадион (хӀинца — «Лужники»стадион), Олимпийн «Измайлово» комплекс, АСК-3 телецентр «Останкино», аэропорт Шереметьево-2 (хӀинца — Шереметьево аэропортан F терминал), Кировн цӀарах стадион Ленинградехь, Республикин стадион Киевхь, стадион «Динамо» Минскехь, Таллинан телебӀов, Таллинан гатанан кемин спортан Олимпийн центр. Таллинехь дӀабаьхьира 1980 шеран Ловзарийн гуран чуьра берриг гатанан кемин спортера олимпийн къийсамаш.

Ловзаршна лерина йерриг спортан объектех ах кийча йара 1979 шеран аьхка. Царна тӀехь дӀабаьхьира ССРС къаьмнийн VIII Спартакиадин финалан къийсамаш. Оццу хенахь зийра исбаьхьаллин фонан экран.

ДОК президента М.Килланина билгалдоккхура, Олимпиада-80 кечйечара чӀогӀа дика болх бо, шен хеннахь ладаме баланаш а луьстуш. Цунна чӀогӀа хазахетара церан къинхьегам, олимпиада чекхйаьлча керла йина олимпийн керла гӀишлош а, объекташ а максимум пайден гӀуллакхан коэффициентаца.

Йоккха харж йарна , Брежнев Леонид реза вацара и харж ССРС бюджето йарна[11]. Къийсамаш дӀабахьа кхин тӀе ахча даккхархьама колларан комитето йира олимпий лотерейн тиражаш.

Мультипликацин

  • «Салют, Олимпиада!»[12]
  • «Жера-баба дуьхьала йу!»[12]
  • «ХӀай, собарде!» (13-гӀа арахецар)[12]
  • «Олимпиада-80» (тайп-тайпана спортан тайпанашкара мультфильмийн сери)[12][13]
  • «Метаморфоза»[12][14]
  • «Нокаут»[12][15]
  • «Йоккха эстафета»[12][16]

Эшарш а, эстрадин лоьмарш а

  • «Олимпиада» (Д. Тухмановн муз., Р. Рождественскийн деш.), леккха Мяги Тыниса[17] а, Гнатюк, Николай Васильевич Гнатюк Николайс а[18]
  • «Болар» (А. Пахмутовин муз., Н. Добронравовн деш.), леккха Ротару Софияс[19] а, Леонтьев Валерийс а[20]
  • «Сан сатийсаман стадион» (А. Пахмутовин муз., Н. Добронравовн деш.), леккха Магомаев Муслима[21]
  • «Москоха старт ло» (А. Пахмутовин муз., Н. Добронравовн деш.), леккха Толкунова Валентинас, Лещенко Лева, эшаран а, хелхаран ансамблан В. Локтевн цӀарах хор[22]; кхин а эшар лекхира Сенчина Людмилас а, Ибрагимов Рената а[23]; Беликов Сергейс а, Намин Стасан тобано а[24]; ВГӀА «Айсина гитараш»[25]
  • «Олимпийн дог дохийла» (М. Боярскийн муз., О. Рябоконан деш.), леккха Боярский Михаила
  • «Олимпийн забарен» (Э. Ханокан муз., Л. Ошанинан деш.), леккха Боярский Михаила[26]
  • «Пхи хӀоз» (В. Шаинскийн муз., М. Рябининан деш.), леккха Хиль Эдуарда[27]
  • «Марша йогӀийла Москоха, Олимпиада!» (Г. Мовсесянан муз., Р. Рождественскийн деш.), леккха ВГӀА «Поющие сердца»
  • «Дика кӀентий», (В. Шаинскийн муз., В. Харитоновн деш.), леккха. ВГӀА «Алу»[28]
  • «Олимпиада, спорт, Москох!» (Н. Левин муз., В. Викторовн деш.)[29]
  • «Ӏа дика йойла, Москох!» (А. Пахмутовин муз., Н. Добронравовн деш.), леккха Лещенко Лева а, Анциферова Татьянас[30] а
  • «Пароди-80» — гӀарабевлла йишлакхархошна а, актерашна а йина пародийн цикл (Штоколов Борисан, Папанов Анатолийн, Магомаев Муслиман, Высоцкий Владимиран, кхечарна а), уьш йира Винокур Владимира (автораш Минников Григорий а, Левин Альберт а)[31]

ДОК президента М.Килланина билгалдоккхура, Олимпиада-80 кечйечара чӀогӀа дика болх бо, шен хеннахь ладаме баланаш а луьстуш. Цунна чӀогӀа хазахетара церан къинхьегам, олимпиада чекхйаьлча керла йина олимпийн керла гӀишлош а, объекташ а максимум пайден гӀуллакхан коэффициентаца.

Йоккха харж йарна, Брежнев Леонид реза вацара и харж ССРС бюджето йарна[32]. Къийсамаш дӀабахьа кхин тӀе ахча даккхархьама колларан комитето йира олимпий лотерейн тиражаш.

Телепередачаш

  • «Марша йогӀийла, Олимпиада!» — музыкин передача. Хьалхелелориш — Ерёмина Нина а, Масляков Александр а. Дакъа лаьцна: Пугачёва Аллас, Ротару Софияс, Рымбаева Розас, Хиль Эдуард, Винокур Владимира, «Земляне», кхин а[33].
  • "Самавоккху сахьт" – телепередачин арахецар, цунна чохь ишколахо ширажелтойн деланех кхета, къийсамаш а хуьлу, масала экъа кхоссехь. Афинас ишколахочун аса ло, иза коьртах йихкича, цунна антикин историн муьлхха терахь дагахь лаьтта.
  • «Олимпиадин ритмаш» — музыкин передача. Дакъа лецира: ВГӀА «Поющие сердца», Мяги Тыниса, Боярский Михаила, Ротару Софияс, Вилцане Маргаритас, Гринбергс Ояра, Пугачёва Аллас, ВГӀА «Оризонта», кхин болчара а[26].

Хьажа кхин а

  • Аьхкенан Универсиада 1973 — хилла Москохахь 1973 шеран августехь
  • Ӏаьнан Олимпийн ловзарш 2014
  • Олимпийн болам а, политикин протест а
  • Аьхкенан Паралимпийн ловзарш 1980 — хилира Нидерландашкахь Москохан Олимпийн ловзарш доладалале. Советийн спортахоша дакъа ца лецира

Билгалдахарш

  1. 81-я страна, Либерия, участвовала в церемонии открытия, но спортсмены в соревнованиях участия не принимали
  2.  Олимпиада-80. День открытия (1980)
  3.  Олимпиада - день закрытия. Олимпиада-80 (1980)
  4. Кенан Алиев. Организатор бойкота Игр-1980: «Олимпиада – это всегда политика» (бил-боцу.). Радио «Свобода» (2008 шеран 31 март). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 18 июль. Архивйина 2011 шеран 25 августехь Архивйина 2011-08-11 — Wayback Machine
  5. Таллин — город олимпийский (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2019 шеран 7 декабрехь
  6. Олимпиада-80: Спорт, победивший политику (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 19 июль. Архивйина 2012 шеран 5 январехь Архивйина 2012-01-05 — Wayback Machine
  7. Артём Кречетников. Бойкот Олимпиады: эффективная мера или акт бессилия? (бил-боцу.) BBCRussian.com (2008 шеран 25 июль). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 июль. Архивйина 2012 шеран 6 январехь
  8. Лос-Анджелес 1984 на сайте МОК (инг.). МОК. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 18 июль. Архивйина 2011 шеран 25 августехь
  9. 1 2 3 4 Games of the XXII Olympiad Moscow 1980.Official Report of the Organising Committee of the Games of the XXII Olympiad(ингалс.) / Editor-in-chief I. T. Novikov. — Moscow: Fizcultura i Sport, 1981. — Vol. 2. Organisation. — P. 261, 262. — 600 экз.
  10. Харків. 350. Фотоальбом / В. Царан, В. Бисова, С. Яковницька, С. Посохов та ін. — Харків: Золоті сторинки, 2003. — С. 192. — 4000 экз. — ISBN 966-8494-17-2.
  11. Дневник двух эпох. 1972—1991 (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 июнь. Архивйина 2018 шеран 14 июнехь
  12. 1 2 3 4 5 6 7 Г. Бородин. Олимпиада под знаком медведя (Олимпиада как мультфильм) Архивйина 2014-02-22 — Wayback Machine // Сеанс. — № 55-56. — 2013.
  13. Олимпиада-80 (1980) (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2021 шеран 4 мартехь
  14. Мультфильм «Метаморфоза» (ЭКРАН, 1980 г.) (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2020 шеран 23 ноябрехь
  15. Мультфильм «Нокаут» (ЭКРАН, 1980 г.) (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2020 шеран 23 ноябрехь
  16. Мультфильм «Большая эстафета» (Союзмультфильм, 1979 г.) (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2020 шеран 24 ноябрехь
  17.  Тынис Мяги "Олимпиада". Песня - 80 (1980)
  18. Николай Гнатюк Олимпиада-80 — YouTube (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2019 шеран 20 февралехь
  19. Темп — София Ротару — MOSKVA.FM (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 1 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 2 апрелехь
  20. «Темп» (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 10 июль. Архивйина 2021 шеран 2 майхь
  21. SovMusic.ru — Стадион моей мечты (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 февраль. Архивйина 2014 шеран 8 апрелехь
  22. SovMusic.ru — Старт даёт Москох (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 14 август. Архивйина 2014 шеран 15 июлехь
  23. Л. Сенчина и Р. Ибрагимов — Старт даёт Москох. — YouTube (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2019 шеран 20 февралехь
  24. Старт даёт Москох (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 10 июль. Архивйина 2021 шеран 2 майхь
  25. SovMusic.ru — Самодеятельность: Старт даёт Москох (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 8 июнь. Архивйина 2016 шеран 9 майхь
  26. 1 2 «Ритмы Олимпиады» (1980) — YouTube (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2016 шеран 3 октябрехь
  27. Эдуард Хиль Пять колец — YouTube (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2016 шеран 6 октябрехь
  28. Самоцветы — Пламя — песня: Молодцы (ВИА «Пламя») (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 8 апрелехь Архивйина 2014-04-08 — Wayback Machine
  29. SovMusic.ru — Олимпиада, спорт, Москох (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 февраль. Архивйина 2014 шеран 8 апрелехь
  30. SovMusic.ru — До свиданья, Москва (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 февраль. Архивйина 2014 шеран 8 апрелехь
  31. Пародия-80 (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 10 июль. Архивйина 2021 шеран 2 майхь
  32. Дневник двух эпох. 1972—1991 (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 июнь. Архивйина 2018 шеран 14 июнехь
  33. «Здравствуй, Олимпиада!» Фильм-концерт 1980 г. (бил-боцу.) ТӀекхочу дата: 2016 шеран 10 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 6 ноябрехь

Литература

  • Антология российского олимпийского движения : посвящается 40-летию Игр XXII Олимпиады 1980 года в Москве и 15-летию Фонда поддержки олимпийцев России / под редакцией Смирнова В. Г. [и др.] ; Фонд поддержки олимпийцев России. — М.: НБО "Фонд поддержки олимпийцев России : Литературная газ., 2020. — Т. 1. — С. 241-294. — ISBN 978-5-00170-236-8.
  • Бабайцев А. В. Московская олимпиада: торжественный марш архетипов // Человек. — 2005. — № 3. — С. 137—144.
  • Вагина М. Ю. Олимпийн ловзарш 1980 г. как урбанистический прорыв // Время, вперед! Культурная политика в ССРС / под ред. И. В. Глущенко, В. А. Куренного. — М.: Издательский дом НИУ ВШЭ, 2013. — С. 243-259. — ISBN 978-5-7598-1082-7.
  • Ищенко А. М. АСУ "Олимпиада-80" // Всеобщая история. — 2010. — № 2. — С. 49-58.
  • Ищенко А. М. Опыт создания автоматизированных систем управления олимпийскими играми на примере АСУ "Олимпиада-80" // История науки и техники. — 2012. — № 10. — С. 36-43.
  • Олимпийские игры 1980 в Москве, ХХII летние // Иванян Э. А. Энциклопедия российско-американских отношений. XVIII—XX века. — Москох: Международные отношения, 2001. — 696 с. — ISBN 5-7133-1045-0.
  • Орлов И. Б., Попов А. Д. Олимпийский переполох : забытая советская модернизация. — М.: Издательский дом Высшей школы экономики, 2020. — [12] л., 453, [1] с. — ISBN 978-5-7598-2165-6.
  • Пономарев И. Н., Иванов Л. А. О строительстве и реконструкции сооружений и объектов в ходе подготовки игр XXII Олимпиады в Москве // Строительные материалы, оборудование, технологии XXI века. — 2007. — № 10. — С. 56-60.
  • Попов А. Д. «Марафон гостеприимства». Олимпиада-80 и попытка модернизации советского сервиса // Cahiers du monde russe(Франц.)нохч.. — 2013. — Vol. 54, № 1—2. — P. 265—295.
  • Попов А. Д. «Зачем нам этот скипидар напополам с лимонадом?»: Кулинарные секреты Олимпиады-80 // Родина. — 2014. — № 12. — С. 147—149. (копия)
  • Садовский, В.Олимпиада у порога // Огонёк № 52, 1979. — С. 16, иллюстрации.
  • Москох, 80. [Ловзарш XXII Олимпиады. Альбом] / Сост. В. А. Жильцов. — М.: Физкультура и спорт, 1980. — 312 с.
  • Художник и олимпийская Москох. — М.: Советский художник, 1984. — 159 с.
  • Barysas M. Aidi kurantų olimpiniai dūžiai. — Vilnius: Mintis, 1982. — 173 с.
Документы
  • Пять колец под кремлёвскими звёздами: Документальная хроника Олимпиады-80 в Москве / Сост.: Т. Ю. Конова, М. Ю. Прозуменщиков; Гл. ред. Н. Г. Томилина; Российский государственный архив новейшей истории; Международный фонд «Демократия». — М.: МФД, 2011. — 944 с. — (Россия. XX век. Документы). — 1000 экз. — ISBN 978-5-89511-029-4.
  • Пять колец под кремлевскими звездами. «Олимпиада-80» в Москве : альбом / глав. ред. Н. Г. Томилина; вступ. ст. М. Ю. Прозуменщиков; сост.: И. В. Казарина, Н. В. Переудина ; Российский государственный архив новейшей истории. — М., 2012. — 112 с. — 500 экз.
  • Игры XXII Олимпиады, Москох, 1980 : Официальный отчёт Организационного комитета игр XXII Олимпиады, Москох, 1980 года : [В 3 томах] / Гл. ред. И. Т. Новиков. — М.: Физкультура и спорт, 1981.

Хьажоргаш

  • Медиафайлаш Викилармехь
  • Виртуальная выставка документов из фондов РГАНИ, посвященная 40-летию проведения в Москве XXII летних Олимпийских игр (бил-боцу.). Российский государственный архив новейшей истории.
  • Кинохроника и документальные фильмы о Летних Олимпийских играх // Киноархив Net-Film
  • Страница Олимпиады (инг.). Официальный сайт МОК.
  • Олимпийн ловзарш 22 Олимпиады — статья из Большой олимпийской энциклопедии (М., 2006)
  • Страница Олимпиады (инг.). Сайт олимпийской статистики. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2020 шеран 28 августехь
 ХӀокху кепе хьажар  Викихаамашкара элементе хьажа
  Дошамаш а, энциклопедеш а
  • Ларусса
  • Britannica (онлайн)
  • Enciclopedia dello Sport
  • Universalis
  • Universalis
Библиографин каталогашкахь
  • GND: 2063918-1
  • LCCN: n81106979
  • NKC: pna2007365546
  • VIAF: 136703043
  • WorldCat VIAF: 136703043
Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1980
  • Академин пийсиг хьакхар
  • Баскетбол
  • Бокс
  • Латар
  • Велоспорт
  • Хин поло
  • Волейбол
  • Гандбол
  • Байдаркаш а, каноэш хахкар а
  • Дзюдо
  • Говрийн спорт
  • Йайн атлетика
  • Гатанан спорт
  • Нека дар
  • Хин чукхийсабалар
  • ХӀокху заманан пхи хьуьнар
  • Спортан гимнастика
  • Герз кхийсар
  • Секха Ӏад кхийсар
  • Йеза атлетика
  • Фехтовани
  • Футбол
  • Байн тӀера хоккей
⛭
Мехкаш аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь 1980
       Ази
  • Бирма
  • Вьетнам
  • КХДР
  • Кувайт
  • Лаос
  • Ливан
  • Монголи
  • Непал
  • ОвхӀан
  • Урдан
  • ХӀинди
  • Шема
  • Шри-Ланка
  • Ӏиракъ
       Америка
  • Бразили
  • Венесуэла
  • Гайана
  • Гватемала
  • Доминикин Республика
  • Колумби
  • Коста-Рика
  • Куба
  • Мексика
  • Никарагуа
  • Перу
  • Пуэрто-Рико
  • Тринидад а, Тобаго а
  • Эквадор
  • Ямайка
       Африка
  • Алжазаира
  • Ангола
  • Бенин
  • Ботсвана
  • Гвинея
  • Замби
  • Зимбабве
  • Камерун
  • Лесото
  • Либери
  • Ливи
  • Мадагаскар
  • Мали
  • Мозамбик
  • Нигери
  • Республика Конго
  • Сейшелаш
  • Сенегал
  • Сьерра-Леоне
  • Танзани
  • Уганда
  • Эфиопи
       Европа
  • Австри
  • Андорра
  • Бельги
  • Болгари
  • ГДР
  • Дани
  • Желтойчоь
  • Ирланди
  • Исланди
  • Испани
  • Итали
  • Йоккха Британи
  • Кипр
  • Люксембург
  • Мажарчоь
  • Малта
  • Нидерландаш
  • Польша
  • Португали
  • Румыни
  • Сан-Марино
  • ССРС
  • Финлянди
  • Франци
  • Чехословаки
  • Швейцари
  • Швеци
  • Югослави
       Океани
  • Австрали
  • Керла Зеланди
⛭
1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн объекташ
Центран В. И. Ленинан цӀарах стадион
  • УСЗ ДоттагӀалла
  • Йоккха спортан арена
  • Жима спортан арена
  • Спортан гӀала
  • Некадаран майда
  • Москохан урамаш
Олимпийн спорткомплекс
  • СК «Олимпийн»
  • «Олимпийн» майда
Къилбаседа-малхбузен хӀоъ
  • Йайнатлетикин комплекс ЦСКА
  • Футболан манеж ЦСКА
  • УСК ЦСКА
  • «Динамо» стадион
  • «Динамо» стадионан жима арена
  • Спортан гӀала «Динамо»
  • Сека-Ӏад кхуссу стадион
  • Пийсик хьокху татол «Крылатски»
  • Велотрасса
  • Велотрек «Крылатски»
  • Говран спортан комплекс «Битца»
  • «Кегийра пионарийн» стадион
Малхбален хӀоъ
  • Герз кхуьйсийла «Динамо» (Мытищи)
  • Спортан гӀала «Измайлово»
  • Спортан гӀала «Сокольники»
Футболан стадионаш
  • Кировн цӀарах стадион (Ленинград)
  • Республикин стадион (Киев)
  • Стадион «Динамо» (Минск)
Йисина аренаш
  • Минскан М1шоссе
  • Гатанан йукъ «Пирита» (Таллин)
  • Хьешан цӀа «Измайлово»
⛭
  • Спортан тайпанаш
  • Мидалхой
  • Мидалийн зачёт
  • Символаш
  • КъОКаш
  • ДӀайахьаран меттигаш харжар
  • Ков
  • Проект
Аьхкенан
  • Афина 1896
  • Париж 1900
  • Сент-Луис 1904
  • Афина 1906¹
  • Лондон 1908
  • Стокгольм 1912
  • Берлин 1916²
  • Антверпен 1920
  • Париж 1924
  • Амстердам 1928
  • Лос-Анджелес 1932
  • Берлин 1936
  • Токио / Хельсинки 1940³
  • Лондон 1944³
  • Лондон 1948
  • Хельсинки 1952
  • Мельбурн 1956
  • Рум 1960
  • Токио 1964
  • Мехико 1968
  • Мюнхен 1972
  • Монреаль 1976
  • Москох 1980
  • Лос-Анджелес 1984
  • Сеул 1988
  • Барселона 1992
  • Атланта 1996
  • Сидней 2000
  • Афина 2004
  • Пекин 2008
  • Лондон 2012
  • Рио-де-Жанейро 2016
  • Токио 2020⁴
  • Париж 2024
  • Лос-Анджелес 2028
  • Брисбен 2032
Ӏаьнан
  • Шамони 1924
  • Санкт-Мориц 1928
  • Лейк-Плэсид 1932
  • Гармиш-Партенкирхен 1936
  • Саппоро 1940³
  • Кортина-д’Ампеццо 1944³
  • Санкт-Мориц 1948
  • Осло 1952
  • Кортина-д’Ампеццо 1956
  • Скво-Вэлли 1960
  • Инсбрук 1964
  • Гренобль 1968
  • Саппоро 1972
  • Инсбрук 1976
  • Лейк-Плэсид 1980
  • Сараево 1984
  • Калгари 1988
  • Альбервиль 1992
  • Лиллехаммер 1994
  • Нагано 1998
  • Солт-Лейк-Сити 2002
  • Турин 2006
  • Ванкувер 2010
  • Сочи 2014
  • Пхёнчхан 2018
  • Пекин 2022
  • Милан / Кортина-д’Ампеццо 2026
  • 2030
Билгалдахарш:
¹ рогӀера доцу аьхкенан Ловзарш 1906 Дуьненайукъара олимпийн комитето къобал ца до;
² аьхкенан Ловзарш 1916 ца хилла Дуьненан хьалхара тӀом бахьнехь;
³ аьхкенан а, Ӏаьнан а ловзарш 1940, кхин а аьхкенан а, Ӏаьнан а ловзарш 1944 ца хилла Дуьненан шолгӀа тӀом бахьнехь;
⁴ аьхкенан Ловзарш 2020 дӀатеттина 2021 шаре пандеми COVID-19 бахьнехь.
  • Брежневн совгӀатийн а, сийлахь цӀерийн а исписка
  • Брежневн автомобилийн коллекци
  • Брежневн дагалецамаш
  • Брежнев филателихь
  • Жима латта
  • Прагин бӀаьсте
  • Вовшашна гӀодаран экономикин кхеташо
  • Варшавин бертан кхоллам
  • Шийла тӀом
  • Стратегин герзашна барам хӀотторах дийцарш
  • Европехь кхерамзаллин а, цхьаьнагӀуллакхдаран а кхеташонан тӀаьххьара акт
  • Сацаран мур
  • ОвхӀанан тӀом (1979—1989)
  • Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1980
  • Брежнев Леонид валар а, дӀаволлар а